Как переводится Шамиль... Тахана хьо вина де т1е кхечи вайна, ма ч1ог1а лазаме ду тхуна хьо хьай махкахь, хьайна безачарна, хьо везачарна гергахь воцуш.. Г1ийла ойланиш хьийза тхан коьрташкахь... Хьо гаре, юха верзаре са туьйсуш 1аш дехаш ду тхо. Цу сийлахьчу Аллах1 Дала могуш а, маьрша ц1ент1а верза войла хьо! Мел хилларг, мел лайнарг ирча г1ан хиларе дерзош хьунаъ а, уггаре хьалха, ткъа юха тхуна а.. Иманца собар лойла хьуна, хьа дахарехь хьоьвзина шийла дарц ла, эзар балех вокхуш, цу балех хьалха хьо вокхуш. Доьхура дац аса Аллах1 Делега хьуна ахча, доьхура дац аса кхи долу бахамех хьакха делла х1ума, тахана хьоьх хьарчина болу баланех хьо вакхар доьхура ду аса.. Хьа ирсано, хьа веларо, хьа маршонно, аьттоно, хьа нена дог делор доьхура ду аса Делега.. Хилалахь, Шамиль, собаре.. Хилалахь, Шамиль, хьо ирсе. Дала декъала войла хьо... Дала диканц метта х1отта дойла хьа гена валара тхуна.. Могуш а, маьрша, ц1ент1а варза цу Сийлахьчу Аллах1 Дала некъ охьа буьллийла хьуна....?
Гость
- добавлено 4 года назад