Как переводится Соьхь ц1е летта генара хьоьх б1аьрг кхетча, йелалуш хьо маьрза схьахьажча , Б1аьргийн нур сан д1аэцна, сан дог йийсаре лаьцна, . Вай безаман хьозано шен т1ам хецна. Хьо цхьаъ йу ас хаьржинаг. Хьо цхьаъ йу ас къастинарг, ойланах сан хьаьрчина дог а сан дашийна. Сан дагах ц1е латина , хийла оьг1азлонца ахь соь дош аьлча, Боцу Бехк а буьллуш со бехки вича, хиларх иза ла хала, ницкъ бац сан, хьоь дош ала. Х1у де ас хьомениг, Кхи а ч1ог1а йезча. Дерриг дуьне хьо ду сан, маьлхан нур а , беттаса са, б1аьргийн нур а хьо ду сан. Дагахь вац со хьоьх вала, хьоьх къаьстина ваха. Майра йиш ю сан ала, Хьан ц1арца со веха, . Ирсе дахар хьоьца го, сан безаман 1илма хьо, Суна везачу ДАЛА йелла хьо.. !?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.