Реклама
Реклама
Как переводится Орцан дукъах дато маIаш Туьйсуш, батто сагатдо… ЦIестан кIудал нохчийн йоIа Шовданна кIел сецайо. Хета баттах схьадухдуьйлуш, КIудал юзу шовдано, Нур-зIаьнаршца безам муьйлу, ЙоIах хьерчаш цу батто. (2 раза) КIудал юьзна… Iанаоьху БIаьрхих терра дато хиш. Ткъа, йоI гичи, дог а лехий, Нохчийн кIанта лоькху йиш: – ЙоI, хин чами кховдабехьа, Чохь беттан нур даржадай! Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа, БIаьргийн нур луо суна хьайн! ?
Гость
- добавлено 5 лет назад