Как переводится Ненан мотт. Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьо винчу ненан мотт дlатесна ахь. Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ! - Бохуш и сийзаз бан ца хета эхь. Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта, Ладог1а, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт Г1иллакхе ,оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш -ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз. Мерза бу, морз санна, ша безачуьнна, Ламанан шовданал ц1ена бу и. Лермонтовс ,Толстойс а ладег1на цуьнга, Услара даггара хестийна и. Б1ешераш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.