Как переводится Къеначун дош дохош къамял ма делахь, Г1ийлачун дог дохош куралл ма йелахь, Хьай диег1а куьцех ахь тамаш ма белахь, Хьа куьцел сийлахь дег Г1иллакх ду хьуна. Дег1а куц замано талхош ду хьуна, Хьа г1иллакх хьо велча дехар ду хьуна, Хазалла замано талхош ю хьуна, Хьа г1иллакх хьо велча дехар ду хьуна. Г1ийлачух ца вешаш хьой кхарда вулахь, Хаалахь стогал хьай иэшна юй билгал, Неха сий дуожош хьай сий айба вулахь, Хаалахь цкъа хьа сий хьоьшар дуй наха, Де тоьлча нахана зуламе ваьллаг, Де иэшарх нахана вицлуш вац хьуна, К1енташа маьхкарша хьо лораш вацахь, Хьа куьцех, бахамах пайда бац хьуна. Неха бу алий дин ма хаста белахь, Хьалл долуш ву але доттаг1 ма лацалахь, Лакхенци хуьлаш йац доьналли аг1о, Бахамца йовзуш йац тешама ч1аг1о, Миска ву але хьайх доттаг1 ма хервелахь, И хир ву хьа доьхьа са дала кийча, Рицкъана лай хилла эхь дайна хьийзарх, Хьайна доьг1начул сов карор дац хьуна. Б1ов бохаш мохь бетташ нахала йохуш, Къонахчо майралла кхайкхош йац хьуна, Тийначу сица и тийна ю хьуна, Цуьн дег1а тийца и ийна ю хьуна, Доьхначу дийнахь бе и гойтуш йац хьуна, Са долуш бе цуьнах къаьсташ йац хьуна, Мел майра хиларх хьо вириг вац хьуна , Мел к1илло хиларх сов вехар вац хьуна..?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.