Как переводится Сан кIант, хьо ма вохалахь, хьо ма эшавайталахь шайтIане, хьо ма Iехавайталахь дуьненан рицкъане, соьма чу са диллий, кура ма валалахь. Сонта ма валалахь! Стигал лекха ю, алий, кура ма валалахь, хьуо цу стиглах бохь хьекхалуш велахь а. Диц ма делахь, сан кIант, стигал лекха хиларх, упха лоха ду хьуна. Дуьне доккха дара, алий, кура ма валалахь. Дуьне доккха хиларх, лахьта готта ду хьуна. Айхьа гулдинчу рицкъанах сагIа делахь, ахь тахана дIаделларг бен дац хьуна хьан а, сан а. Кхана вай, хIара харц-дуьне а дитина, дIадоьлхуш, вай ваьшца дIа хIумма а ца хьо хьуна, цхьа кисин марчо доцург?

Гость - добавлено 5 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.