Как переводится Моьттура ирс деъна гуттареннаМоьттура даимна цо хьоьстур юИсбаьхьа хазачу вайн безамахМоьттура даимна йоккхайийр ю.Моьттура шийла 1а кхочур а дацМоьттура дагчуьра йовхо йовр яцМоьттура, хьомениг, хьоьх къаьстинаКху маьлхан дуьненахь со лелар яцПрипев:Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур дуДуьссур ду,дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур дуЮьссур ю, вайн ирсе хилла замаДагалецамаш хилла юьссур ю.II. Йочана яхъелла шен тийжарцаСо хьалхе ма йиси сайн 1ийжамцаБехк хьенан бу теша вай къестарнаБезамо сел ч1ог1а вай хьестарнаМа дийца д1адаьлларг, дог ма 1ийжаМа хьиза хьаса хьо сел тийжамцаД1ахеца безам хьайн дог деладойХ1ун хаьа х1ун дохьу кханенаш вайнПрипев :Дуьссур ду, вайх дуьне, лелла некъаш дуьссур ду,Дуьссур ду, вай дезаш баьхна дешнаш дуьссур дуДуьссур ду, дегнашчохь мел къийлинарш дуьссур дуЮьссур ю, вайн ирсе хилла замаДагалецамаш хилла юьссур ю.?
Гость
- добавлено 4 года назад