Как переводится «Дагахьбалам» Дуьненан бахамо корта хьовзийна, «Курачу» машенах сакъераделла, Шеца ян кечъелла нана човхийна, И охьайоссийна, кIант новкъаваьлла. Хилла вас, къурд бина, кийрахь лачкъийна, КIантана дIа тIаьхьа хьаьжира нана. Декъа куьг хьаькхна, шен бIаьргаш бакъийна, Элира: «Некъ дика бойла хьан Дала!» Цу сарахь чехкаллехь машен харцийна, «КIант вийна», аьлла кхаъ юьрта чу беъна. И шен кIант ву моьттуш, нана Iадийна, Орцанна хьаьддачохь, йоьжна, дог сецна. «Курачу» машена тIаьхьa цIа веъча, КIантана ца гира ков лардеш нана. Шекваьлла, ладоьгIча, белхарш хезча, Кхийтира дIаяьлла хиларх шен нана. Боху цо: «Дицдинарг тIехIоьтти тахна, Хийла хьан юьхь ца еш, лийлира веха. Вайн Деле со воьхуш, нана д1аяхна, ХIу аьлла хьожур ву со б1аьра нехан? Куьйгаца шардинчу хьан кошехь тийна, Даглоьцу, со бахьнехь ахь лайна бала. Пхийтта шо делира со ларвеш Iийна, Хьо кевнан бертера ца йолуш къайла.» «Ваша волчу йигахьа!» - ахь сайга аьлча, Куьг тосий, олура: «ТIаьхьара яла!» Хьо юьсуш сан машен дIайолаелча, Нана, хьо сихлора диканиг ала. Хьан пусар ца ден дош олучу хенахь, Багара маргIал мотт белира сецна. Дог дохош, хьо юьтуш вайн жимчу кетIахь, Ас тесна кура куьг делира доьжна! Ма хала ду суна хьуна тIехь велха, ХIун дича къинтера еръяра нана? Юьхь ма яц хьоьга сан къинхетам беха, Ас лехнарг ду соьга кхечнадерг тахна. «Курачу» машенах чIогIа дог даьлла, Яра и кхоийна, нана, хьо хахка. Со хила цо Iехош, дакъаза ваьлла, Дицдина ахь Iуьйшу гIайгIанан лахка. Кхин цкъа а хир яц хьо дагара дийца, Бохамо сан cинан орамаш охку. «Курачу» машенан догIанаш хIинца Хьан кошан барза тIе ас oхьадохку. Нана, хьан барза тIехь дегIан ницкъ эшна, Лаьтта со, велхарна бIаьрган нур дайна, Йиш йоцуш адамашка дош ала къежна, Ма доккха къематде хIоттий ас сайна!?
Гость
- добавлено 4 года назад