Реклама
Реклама
Как переводится КЪИНТ1ЕРА ВАЛА. 1. Даггара бацара, сан хьоьга безам. Хьо-м тешаш лийлира воккхаверца. Сайн безам болчуьнца, х1инца ца къиэга. Аса хьо санна цуо, 1ехайира. 2. Хьуна-м цахии ас, муха хан яьккхи. Бахьанаш лелорца, безам буьйцуш. Аса хьо къинт1ера, х1унда ца ваьккхи. Бакъ долчо хуьлу-кха, кийра морцуш. 3. Валахьа къинт1ера, доьху ас х1инца. Дагна хьайн, хилахь а, ц1аьххьана чов. Яьккхина моьттинехь, хан мерза соьца. Ца йохйи ахьа-м сан , безаман г1ов. 4. Тоьар ду , тоьар ду, къайленаш лечкъо. Тоьар ду боху дог, к1ад ма делла. Цхьацца ду бахьанаш, вай вовше 1ехо. Со-м х1инца , мел ч1ог1а, дохко яьлла. 5. Со-м хьийги вовшашца, безамаш буьйцуш. Ши адам, ирс долуш, вовшех кхетча. Ял йоцуш лийли со, дагчохь дерг къуьйлуш. Ирс доцуш дуьненчохь, яьхна яьлла?
Гость
- добавлено 5 лет назад