Как переводится #Хаттар: Фатва: 6 Ассаламу lалайкум варахьматуллахlи ва баракатухl. Нашидашка ладоха мегаш дуй техь, цхьа болчара мегаш дац олуш хезнер суна, цунна жоп лур дари аш? Аллахl реза хуьлда шуна. Жоп: ваlалайкумуссаламу варахьмауллахlи ва баракатухl! Нашид иза байтш (стих) ю, ткъа церга ладоха мегаш ду бусалб динехь нагахь хlара вай багар бийр болу бехкамаш кхочуш хиллехь: 1- Вочу хlумне, я lесачу хlумане кхойкхуш, я цу тlе хьоьхуш ца хилар. 2- Локхуш верг стаг хилар, зуда йоцуш. 3- Цу юккъехь цхьана кепар музыкальный инструмент ца хилар. 4- Лакхар эшарах тера ца хилар. 5- Къуръан ла ца духуш, и дlа тесна, даиман нашидашка ладохарх болх бин, цунах lадат дина лелаш ца хилар. Иштта и бехкамаш шегахь кхочуш хиллачу нашиде ладохарха хумма дац, церах муьлхха цхьа бехкам кхочуш боцуш йолчу нашиде ладоха мегар дац. Цун дела бусалб динах лецна, я махках лецна, я цхьа дикчу хlумне кхойкхуш, я цхьа вочу хlумнах къахкош, я цхьа муьлхха дика хlума марз деш, цунга шовкъе воккхуш йолчу нашиде ладоха мегар ду и вай лакхахь багар бина бехкамаш кхочуш хиллехь. -Нашиде ладоха мегаш хиларан далилаш шортта ду, церах ду: 1- Хандакъ гlазотехь Ансарш (Мадинатер асхьабаш бу уьш, Пайхамар а цунан асхьабаш а тlе эцна болу) Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам байтанш аьлла: Тхо дукх Мухьаммадан Байlат динарш, Тхеш дийна мел ду жихlад дийр ду аьлла. Тlаккха Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам царна дуьхьал байтанш аьлла: Я Аллахl баккъалла а дахар ма дац Эхартан дахар бен, Ансари а, Мухlажири а сий де ахь. 2- Иштта Хьассан Ибн Сабит (Аллахl реза хуьлда цунна) олуш волу Пайхамар саллаллахlу lалайхlи ва саллам асхьаб а хилла Пайхамарна саллаллахlу lалайхlи ва саллам байтанш олуш цунан маьждиг чохь. ?
Гость
- добавлено 4 года назад