Реклама
Реклама
Как переводится Сан даго ирсе хьал шен дуьйцу Хьо яйчи хуьлу хазахетар Сан са хьан амато д1алоьцу Сан ойла, вайшиъ цхьана кхета Припев: Б1аьстено басарш ца кхоийна Хьан хазалла безамах къаго Сан ойла ас хьоьхь ца лачкъийна Лууш ву со безамах вага ( 2 раза ) II. Сан дахар доза доцу безам Ас хьуна цхьанна лерина Цу дахаре вига ца везаш Хьо соьца веха даимна Припев: Сан б1аьргашчу догучу хьуна Цкъа мукъне хьажий кхетахьа Са дуьне дахар ирс хьо дуйла Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа ( 2 раза ) III. Хьо массо хенахь ас ларйина Хьо гуча яларе сатуьйсуш Ахь доь1у са ас дагардина Сай дега пхенаьх безам туьйсуш Припев: Б1аьстено басарш ца кхоийна Хьан хазалла безамах къаго Сан ойла ас хьоьх ца лачкъийна Лууш ву со безамах вага ( 2 раза ) IV. Ахь массо хенахь со ларйина Кху хене яьлла ларвеш хьо Безамах яга реза хилла Йовр йоцчу ц1арах йогу со Припев: Сан б1аьргашчу догучу хьуна Цкъа мукъне хьажий кхетахьа Сан дуьне дахар ирс хьо дуйла Де - буьйса дуйла хьан дуьхьа ?
Гость
- добавлено 5 лет назад