Языковые курсы ishkola.com
Реклама
Языковые курсы ishkola.com
Реклама

Как переводится Къеначун дош хьошуш къамел ма делахь, г1ийлачун дог дохош куралла ма елахь. Хьай дег1а куьцах ахь тамаша ма белахь, хьан куьцал сийлахь дерг г1иллакх ду хьуна. Хьан дег1а хазалла телхар ю хьуна, хьан г1иллакх хьо велча дехар ду хьуна. Дег1а куц замано талхош ду хьуна, хьан г1иллакх хьо велча дехар ду хьуна. Г1ийлачух ца вешаш хьо кхарда волахь, хаалахь стогалла эшний хьан билгал, неха сий дожош хьай сий айба волахь, хаалахь цкъа хьан сий хьоьшур дуй наха. Де тоьлча нахана зуламе ваьлларг, де эшар-х нахана виц луш вац хьуна. Яхь йолчу к1енташа хьо лоруш вацахь, хьан ницкъах, бахамах пайда бац хьуна. Неха бу алий дин ма хаста белахь, хьал долуш ву алий доттаг1 ма лаца. Лакхенца хуьлуш яц доьналлийн аг1о, бахамца евзаш яц тешаман ч1аг1о. . Миска ву алий хьай-х доттаг1 ма херве, и хир ву хьан дуьхьа са дала кийча. Б1ов-бохуш мохь бетташ нахала йохуш, Къонахчо майралла кхийкхош яц хьуна. Тийначу сица и тийна ю хьуна, цуьна дег1а ц1ийца и дийна ю хьуна. Доьхначу дийнахь бен гойтуш яц хьуна, са долуш бен цуьнах къаьсташ яц хьуна. Халоне кхаьччи бен гойтур яц хьуна, са долуш бен цуьнах къаьстар яц хьуна. Мел майра хилар-х хьо лийриг вац хьуна, мел к1илло хилар-х сов вехар вац хьуна. Рицкъана лай хилла эхь дайна хьовзар-х, хьайна доьг1на чул сов карор дац хьуна, Рицкъанах сий духкуш эхь дайна хьовзар-х, хьайна доьг1нарг бен карор дац хьуна.?

Гость - добавлено 5 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.