Языковые курсы ishkola.com
Реклама
Языковые курсы ishkola.com
Реклама

Как переводится Хьоме махкахой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца. Оцу дийно къаьсттина меттиг дIалоцу Нохчийн Республикин хиламийн рузмехь. Баккъал а бакъ долуш, халкъан са ду мотт. Тахана нохчийн матте а, иза кхиорехь а, Iаморехь а къахьоьгучаьрга вайгахь болу ларам дIагойту вай. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоразза а билгалдоккхуш дара нохчийн маттахь долу хаарш карладохуш а, кхиош а вай хила дезаш хилар. Иза тешна вара нохчийн матте болу безам берана жималлехь дуьйна чубилла безаш хиларх. Тахана ненан мотт кхиоран а, баржоран а гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмадан Рамзана шен тидамехь латтош ду. Цуьнгара гуттар а гIо-накъосталла хилар бахьана долуш, нохчийн маттахь арадуьйлуш ду газеташ, тептарш, книгаш, телеэфирашкахь передачаш. Тешаш ву, кхидIа а ненан мотт Iалашбарехь, ларарехь, кхиорехь вай къахьоьгург хиларх. Даггара лаьа Нохчийн Республикин бахархой могаш-маьрша бехийла а, Даймехкан дуьхьа къахьегарехь кхиамаш хуьлийла а! Ларамца, НР-н Парламентан Председатель Даудов Мохьмад?

Гость - добавлено 6 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.