Как переводится Элчи Маккехьа ваьлчи - Маккий чу бIаьрг хьажийна, Элча чIогIу вилхир бах - Макка езаш хиларна, Лууш къаьстин ваций ша ма - хьан лаьттиха, ва Макка, Цкъа хьуна чу валар - Деле доьхуш вай ша-ма. 2 ТIаккха Джабраил деар бах - Элча воьлхуш ва вайчи, Цуьн бIаьргеха долу хи - лаьтта кхаьчна далале. Хьоьга бакъо кхайкха ян - КъурIан доссийра вайн Дала, Хьо Маккичу толамца, воуьйтур ву ма боху. 3 Хьо Маккеха ваьккхина и Къурайши ва Элий, Хьоьга гIо дар ва доьхуш, гор эгар бу Мухьаммад, И Къурайшин элалла, ахь дохор ду Мухьаммад, Хьо гIайгIане ма хила, Делан Элча Мухьаммад! 4 Кху дуьненан шахьарийн - нана йолу и Макка, Керистанах, мунепикъах - ахь цIанйийр ю Мухьаммад,  ЖаIареха хьаьжийн цIа - ахь цIандийр ду Мухьаммад, Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад! 5 Кху дуьненахь-эхартахь - хьо Паччахь ву Мухьаммад Къемат дийнахь шапаIат - хьоьгара хир ду Мухьаммад Хьоьгара йоцу паргIато - лелар ма яц Мухьаммад Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элчи Мухьаммад 6 Динан Ислам дуьненчохь - Ахь кхайкхор ду Мухьаммад Хьуна дуьхьал толамца - вала да вац Мухьаммад Массо меттахь толамца - Хьо лелар ву Мухьаммад Хьо гIайгане ма хила - Делан Элча Мухьаммад 7 Уггар коьрта хьан довхо - хьуна куро еш вериг, ХIашима кIант Абу-ДжахIил - ахь эшор ву, Мухьаммад, Массо меттехь хьай дашца - Хьо бакъ хир ву Мухьаммад Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад! 8 Шена дуьхьал вайн Дала - хьо вуьгур ву, Мухьаммад Далла дуьхьал хIоьттина - ахь доьхур ду Мухьаммад, Ахь дехнариг вайн Дала - хьуна лур ду Мухьаммад, Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад! 9 ВорхIе сийна стигланаш - хьуна лиъча, Мухьаммад, Везачу Дала, хьерчаеш - дIалакъор яра, Мухьаммад, И ворхIе латтанаш - бухдохур дара Мухьаммад, Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад! 10 Ла илахIа иллаллахIу - Мухьаммадур-росулуллахIи, Ялсамане неIарш тIехь - яздина ду «Мухьаммад» Хьо везначийн хIусамаш - царех йина вайн Дала Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.