Языковые курсы ishkola.com
Реклама
Языковые курсы ishkola.com
Реклама

Как переводится Ассаламу 1алайкум! Стеган мах хадоран дуккха а некъаш ду. Цхьаъ сихха веза а лой, чехка адамийн дегнашкара охьавужу, халкъан шеца болу ларам ларбан а, 1алашбан а ницкъ, хьекъал, доьналла а ца тоьий. Тахана со шен тезета вахана волу Усманов 1имран шатайпа стаг хиллера. Цунна хиира шен халкъаца ваха, цунна дезарг хаа, цуьнан бала балхо, лазам бийца, к1ентийн дегнаш айъа, г1иллакхаш дийца, безам хасто. Шен дерриге а дахар д1аделира 1имрана нохчийн къомана хазаниг, диканиг марздалийта, дезийта г1ерташ. 1имран жима стаг волчу хенахь санна, зевне декара цуьнан аз кхузткъа шарал т1ехваьлча а. Харц дуьненахь йоккху хан чекхйаьлла, вайх къаьсти 1имран. Вайна санна, Везчу Далла а воьзийла иза. Везчу Дала ийманца собар лойла цуьнан доьзална! Ирс долуш стаг хили 1имран, дерриге а нохчийн къомо шена т1аьхьа кадам а беш!?

Гость - добавлено 6 лет назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.