Как переводится Цхьана хазачу дийнахь сан нанас соьга элира: «Хьо артеке воьдий?» Т1аккха суна хазахийтира, юха ас элира,«Лаьа дера!» Т1аккха цо суна цигахь муха лела веза дийцир.Цо дийцинчух пайда а эцна со 6-г1ачу августехь новкъа велира. Суна автобус чухуъшехь шортта накъости бевзира бераш.Уггара хьалха суна бевзира к1ентий,т1акха йо1арий. Артеке д1акхаьчча, суна шортта къечу къомах долу бераш девзира.Суна церан г1иллакхаш а г1уллакхаш а девзира. Вожатыш а бевзир. Массо а цхьана еш йолу мироприятиш йукхехь суна хазахийтира «Спопртландия» олуш болу къовсам.Цигахь отрядш цхьаъ боккха доьзалл санна хила безара. Т1аккха г1овшах кхета безар.Хьо хьан отряде ладуг1уш хила а везара.иза массерга а дала деллера.Цундела цара цхьана барта а болуш иза дича,хьожуш волчунна хазахетара. Тхо шадериш тхан лагерцани Аю-Даг ц1е йолу лам т1е доьвлира.Йо1аришна,к1ентараша г1о а деш массо а хьаладоьвлира.Цу т1е довлучу хенахь суна хиира,сан накъосташа суна оьшучу хенахь г1о дийра дуй,массо а г1овше ла а дуг1уш,кхетаъ кхеташ вуй. Суна уггар ч1ог1 дагчохь лаьттина,оха шаверг тхан сменехь вина де долуш хенахь декъал вар.?

Гость - добавлено 4 года назад
Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.