Реклама
Реклама
Как переводится Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца Гаьн т1е куьйра ва санна, ша дина хиъна, Бен чохьлеча ва санна, нуьйра чохь тавелла, Сакъеран аравелир, тов, Эвтархой Ахьмад. Бай т1ехь бокъан санна, готтачу кийрахь Дог ловзаделир бах Эвтархойн Ахьмадан, Т1аккха ловзабелир, тов, са ц1ена цуьнан гила, Йочанан ва мохо идо дарц ва санна, Са ц1енчу цу гило ша чехка идавеш, Вадийна вехьир, тов, Эвтархойн ва Ахьмад Экханан бен лар йоцчу цу пана ва мехка, Цаьпцалган бен цкъар доцчу цу эрна ва ара. Динна идан к1ордийна, ша лаха воьссина, Дерматан барголца дин бажан лаьллина, Чергазийн юткъа нуьйр г1евланга йиллина, Чергазийн ва верта даржош т1е ва тесна, Чал дера ва герзаш, нанас бер ва санна шен маракъуьйлуш, Набарна ма вижир Эвтархойн ва Ахьмад. II?
Гость
- добавлено 6 лет назад