Сан нанас ца йиначу йишина Асетана.
Цхьана аьхка дара хIара.
Соьца балхахь берш цхьаццанхьа садаIа бахара. Царна юкъехь лома яха дагадеънарг со бен яцара. Баккхийчара дуьйцуш хезнера, ломахь исбаьхьа Iалам хуьлу, хьаша—да ларамца тIеоьцун адамаш ду, бохуш. Сайн дай схьабевллачу метте яхар сайн декхар хетара. Ша-а Iаш йолчу ден шичас Нахапус, — оха цунах Деца олу, — со самукъадаьлла тIеийцира. Цуьнца Iаш вацахь а, цхьаъ бен воцчу кIанта терго йоцуш ца юьтура иза. Узуш ши етт, царна тIаьхьа ши эса, масех котам яра цуьнан кхобуш. ЦIенош кегий делахь а, бахамаш бацахь а, долуш долу хIума цхьа кама куьг тоьхна хилар гуш дара. ДIакхаьчначу хенахь башха дог дузуш яцара со, хIунда аьлча, ламанхойн яртех дийцарша сан даг чохь кхоьллина туьйра юьхьанца схьагинчу суьртах декхалур ду аьлла ца хеталора. Ванах, хIара нах кхузахь муха мега техьа? — аьлла, ойла кхоллаелира сан. Урам новкъахь а, юьртан майданашкахь а схьагуш адам дацара. Тийналло хьаьшнера кхузара гIовгIа.
Некъахь кIадъяларна, садайначул тIаьхьа, хIума ма-кхаьллина, суна набкхийтира. Самаяьлча, суо йижина хилла мотт дIа а тобина, араяьлча, суна цкъа а ца гина Iуьйре яра схьагуш. Iуьйренаш-м дукха гинера, амма ца гинера и Iуьйре саннарш-м. Сийначу аренех литталуш схьадогIучу Iуьйренан цIеначу хIавао, дегIах хьерчаш, Iаламан аьхналла лора, ойла а цхьаьна цIанъеш, цхьа ша-тайпа синхаамаш кхийдабора. Ванах, хIара селхана оццул сингаттаме хетта юрт мукъна а юй-те, аьлла хийтира суна. И дерриге юкъахдаьккхира эхьо — сахиллалц дIа а ца юьжуш гIуллакхаш дича санна къагийна уьйтIе а, чоьнаш а гича. Зудчун дикалла а, цIеналла а юьйцучохь хьаьнцца а къийса мегар долуш яра Деца. Iалелай, сох хир юй-те иштта дика зуда?! — бохучу ойлано Децех йоккхаер эшадой, яхье йохура со.
— Хьо хьалагIаьттина?! Со-м хьо самаялале, бохуш яьллинера, керла тIуо боккхуш, — аьлла, Деца лулахошка шура чекхъяккха яхначуьра цIа йогIуш, сайна доккха эхь тIедеъча санна, бIаьргаш лечкъош, шурин ведар схьаэца Децина дуьхьал яхара со.
— Со сама хIунда ца йоккхура ахь? Аса гIо дийр ма дара хьуна.
— ГIо дан со-м хIуммаъ деш яцара. Ялол, тIо-берам бай, чай мала вайшимма, — аьлла, и дIайолаелча, со цхьана ханна цунна тIаьхьа хьоьжуш сацаелира хьагI йоцчу ойланца: йоккха елахь а, цуьнан тIахъаьлла хиларх, малуо йоцуш леларх мел жима зуда а хьаьгар яра аьлла.
Тхойша цхьацца дуьйцуш, чай молуш Iаш «ЙоI, оцу вайна ши цIа дитча Iаш болчу ХуожагIеран кIентан зуда тховса йоссийначуьра цIаялош ю, ловзарга хьо ялаяр дехна соьга», — аьлча, сайна дуьххьара дага хIун деара-м ца хаьа, амма и тамашийна дара: «синкъераме юьгур ю» и цхьана агIор хазделира, хIинцца кхуьу йоI санна, хаза а хир яра со аьлла, ткъа вукху агIор — синкъерамо нохчийн дахарехь латтийна йолчу кхерчан йовхонах генарчу гIалахь суо хаьдча санна хеттачу суна и чIогIа тайра.
Синкъераме яхар сайца цадогIуш хийтира, хIунда аьлча со ишттачу меттигашка яхана яцара хIокху сайн 25 шарахь. Цкъа доьшуш, цул тIаьхьа балхахь, хенаш дIаихнера. ХIинца со садаIа еана яра.
Суьйренан мелачу хIавао ламанан басешка дайн куьг хьоькхуш, оцу исбаьхьачу суьртах бIаьрг буза со кхиале еана чоьхьаелира Хуожин хIусамнана Мелижа. Иза юьртарчу кегийчу нехан дехарца еана хиллера. Дукха хан ялале нохчийн ловзарга кхечира со. Дуьхь-дуьхьала бирзинчу шина могIарехь Iаш мехкарий, кегий нах а бара. Со мехкарийн могIаре охьахаийра. Хелхаволург — хелхаволуш, сакъоьручо — сакъоьруш, хIара ду ала хIума доцуш, дIадоьдуш дара ловзарг, аса сайна тIехь цхьаьннан бIаьрг лоцуш. Къайлаха со дIахьаьжча, «Хаза кIант ву и-м! И куй хIунда тиллина?!» — дагадеара cуна. Цхьаннен а коьртахь боцу, холхаза куй бара цуьнан тиллина. И ловзарг дIадоххалц цуо суна тIера бIаьрг дIа ца баьккхира аьлча, со харц хир яц. Цуьнан бIаьрг суна тIехIоьттинехь а, цхьа хIума дара со ца кхеташ: цуо я тIе хабар ца даийтира сакъера аьлла, я хелха ца яьккхира. Цуо ерриге ойла деккъа хьежарца кхоьллира.
«Хьоьга динахь волчу кIанта» хийисте кхойкху ала, боху — луларчу йоIа шолгIачу дийнахь еана аьлча, суна цуо забар еш санна хийтира.
— Хьан боху-у?
— Хьо хьежначу, кIайн дин болчу кIанта — аьлча, хьо кхетар ю бохура цуо, и хьоьжуш ву хьоьга.
Яхкенан де делахь а, ломахь суьйренаш мелла а шийла хиларна чу яхана сайна тIе хIума а кхоьллина, луларачу йоIаца хийисте яхара со.
— Суьйре дика йойла хьан, ПетIамат! Сан сийдина араяларна Дала сийдойла хьан! — аьллачу дешнаша а, уьш хазале гиначу суьрто а сан кхетам гIеххьа д1абаьхьира. Хийистехь кIайчу динан архаш лаьцна лаьтташ кIант вара. ТIекхоьллина, суна телевизорчохь нохчийн хелхарчашна тIехь бен ца гина верта, коьртахь сийсара суна гина холхазан куй, схьахезаш, боккхачу безамах йолчу киншкехь бен ца хааделла, къамелаш.
— Диканца дукха вехийла! — меттаеъча, сихха элира аса.
Iалам таппъаьлла дIатийна ладоьг1уш дара: ца хууш байн мох хьакхахь, ловзадевллачу диттийн гIаша, охашимма дуьйцург шена ца хазийтарна кхоьруш санна. ГондIара Iалам хийцаделча санна хийтира суна, бIешерашкахь бакъболчу безамашна теш хIиттина долу шовда а, цецдаьлча санна дара, цу мIаьргонехь.
— Хезий хьуна?
— Х1ун хезий? — хезаш хIуммаъ доццушехь, цуо хаьттича, юхахаьттира аса.
— Шовдано бохург?! — иза хIинца шовдане луьйш санна, хи чу доьгIна хьажар а долуш лаьтташ вара.
— Ца хеза! ХIун боху цуо?
— Цуо дера боху, ша кхоьру: ша теш а долуш кхоллалуш хиллачу бакъболчу безамах дийца шира хабарш бен хIумма дуьсуш дац, шен дахаран маьIна гатлуш ду. Адамийн дегнашкахь безаман йовхо лехна, ша гIелделла, боху цуо. Мехкарий, шайн кIудалш йицъелла, зезагаш лехьош бу, ткъа къуонахий говраш дIатийсина, хьаннашкахь тилабелла бисна, боху цуо. Шена орцах вала цхьа вац-те, бохуш хоьтту цуо.
Нохчийн къам шен Iадатех, гIиллакхех мел херделла бохуш, ойланаш аса ца йина аьлча, нийса хир дац. Амма кIорггера оцу хIуманан ойла айса цкъа а йина цахилар со хIинца кхийтира. Со кхиъчахьана гучудаьлла керла гIиллакх суна ца девза, амма цхьаммо а тергал ца деш вайнахана юкъера дIадевлла гIиллакхаш, ткъа дIадевллий а ца хууш дIадевлларш мел ду?!
Цхьана хаттарца санна, охьадогIучу хине а хьоьжуш:
— Со вевзарий хьуна? Суна хьо-м евзара, ган ма гиннехь.
— Вай девзаш дара кхин?
— И бохург хIун ду? Ма алалахь, хьуо кIайчу динахь верта долчу кIанте ца хьежна?!
— Дера эр дац-кх! Цхьа а йоI хир юй кIайчу динахь вогIур волчу кIанте хьежаза?! Т1аккха, хьо сан сатийсамера веана ву-кх?
— Ву дера. КъинтIераялалахь, хьеваларна. Некъаш хала дара.
— Хьо-м хьен ца веллера. Со оьшшучулла хьоьжур йолуш яра.
Суна суо цхьана туьйране кхаьчча санна хийтира. Суна цу кIентан цIе а ца хаара, амма цуьнга ладегIа цкъа а кIордор доцуш санна хетара. И ван а вара цхьана туьйранера веана, суна дахарера вуон мел долу хIума дицдина, кIайчу динара кIант. Аса сайца ялийна йоI а яра тхо дистхиллалц юьстах ялла соь хьоьжуш лаьтташ.
— Вай сан цIе а ца хоттуш, дIайоьду хьо?! — гIеххьа лаьттина, тхо дIасакъаьсташ, цуо тIаьхьа мохь а тоьхна аьлча, ас жоп делира:
«Суна хаьа хьан цIе. «КIайчу динара кIант» ю хьан цIе, — аьлла. Аьлла яьлчий бен суо а тIаьхьаъ ца кхуьуш.
— Вахь-хьа-хьа-хьа. Нах цецбаха йоллу хьо, и цIе а яьккхина. ИбраьхIим ю хьуна сан цIе, — элира цо, тIаьхьа мохь тухуш, со тоъал гена яьлча.
ШолгIачу дийнахь, Iуьйрана дуьйна, сан дагахь и кIант бен кхин хIума дацара. Сарахь лулахойн йоI керта яьлча, цуо хIуммаъ ца аьлча а, со кхетар яра даге ладоьгIчахьана. КетIа йолуш суна дагаеъа-кх Децин сеничохь лаьтта кIудал. «Хийисте муха йоьду, кIудал а йоцуш?» Яха ма еззара, белшаш тIе кIудал а йиллина, хийисте яхара со.
— Суьйре дика йойла хьан! — элира, селхана санна динахь а, шен духар дуьйхина а волчу кIанта.
— Диканца дукха вехийла! — олуш, аса сайн кIудал охьахIоттийра.
Ткъа сан кIант, цхьа цкъоцкъам ирахдоьдуш, цергашна тIера балда дадош, и хIун бохург ду, хоьттуш санна, дIахIоьттира.
— Со хIокху шовданна мехкаршна кIудалш йиц ца еллий а хоуьйтуш схьаеъна — аьлла, айса динчунна резахилла дIахIоьттира со.
— Хьо схьаяле, и бохуш кхуьнца къийсалуш воллура-кха со а, — аьлла, ас бохург тIетадира беречо. Дехьо лаьтташ дин а бара, юкъа — кара дIакховдий, бецах це а тухуш.
И тайпа туьйране суьйренаш хIора дийнахь а еара, тIаьххьараниг йоцург. Цу суьйрана, хIума кхоллуш Iаш, Децас элира:
— Хьуна хийисте оьху Нахапун йоьIан кIант гIала хьала вахна ма боху. Муха кIант ву-м ца хаьа, уьш шаьш-м мегар болуш нах бу!
— Вай, и кхузара вац? — сайна хезчух цатешаш хаьттира ас.
— Дера вац. ХьошалгIа веана вара. Нахапу сайн евза дукха хан йолу дела со-м оцу гIулкхана реза йолуш 1аш яра. Тахана гIала хьалавахна бах. Дера йоI хьайн кхолламан ойла ян ма езара ахьа. Хазалла, жималла даима ца лаьтта, бохуш, Деца шениг дийца йолаелира. Ткъа сан коьртехь кхин ойла яра:
«Ткъа кIайн дин, верта, куй? И мила хилла-те? Я иза хила а хиллий-те? Суна гIан-м ца гина-те?» Хаттарша базбинчу коьртаца, кхана цIа яха дезар дагахь а долуш, дIайижира со.
Ломара цIа еъна бутт хан яьллера. Дахар шен хьалхалеррачу хорша дирзинера. Цхьана Iуьйрана балхахь рогIерачу кхеташонехь чоьхьаделира цхьа адам, тхан керла хьаькам ву аьлла, вовзийтира иза. Динахь вацара, верта я куй а бацара. Карахь папка, тIеюьйхина Iаьржа кастом, йихкина галстук, массарна тIехула шен хьажар а дадош, де дика дина, суна тIехь бIаьрг соцуш, корта ластош, вела аьшна а деш, вахана охьахиира иза. Суна кхеташо чекхъер яц моьттура. Сайн дахар цхьана юкъана туьйранах тардинчу кIанта хIун олу хаа лаьара суна. Сан дахарна туьйра деллачу кIанта.
ГIалахь паркехула тхойша, дош ца олуш, схьадогIу пхи минот хан хир ю. ХIинца иза кху гIалахь дIасалелачу кегийчу нахах цхьаъ вара. Галстук йихкинчу кIанта со шега хьежний а ца хаьттира, цуьнан метта цхьацца балхах лаьцна къамелаш дира. Карахь папка йолчу цуо я безам буьйцуш дешнаш ца элира. Цо дийцира, ша-а х1окху дахарх кулаяьлла, шен ненан нана йолчу лома садаIа вахарх. Ткъа цигахь хилларг ца дийцийта аса кхин къамел долийра. Со кхераелира, деза жовхIар санна экама айса кхобу туьйра цуо дайъарна, лачкъорна.
Балха тIехь ИбраьхIим суна кест-кеста гора. Даима сайн ойланехь ваха висина «кIайчу динара кIант» суна кхин цкъа а ца гира.