Нохчийн кицанаш — чеченские пословицы и поговорки. Часть 2.

Нана

  1. Дикачу ненан — дика йо1 хуьлу, хазачу ненан — коча йо1 хуьлу.
  2. Нанас йина чов лаза ца лозу.
  3. Ненан оьг1азло ло санна ю: дуккха а дог1а, амма сиха деша.
  4. Ненан сий динарг махко а лерина.

Йо1

  1. Г1иллакхех бен хуур дац йо1 дика муьлхарг ю.
  2. Махмаран духаро хазъеш яц йо1, мел хаза заза хиларх къаьсташ бу ба1.
  3. Нанас хестийна йо1 мехала ца яьлла.
  4. Хаза йо1 кхиъначу ден сий алсамдолу.
  5. Хаза йо1 тиша коч йоьхча а, товш хуьлу.

Зуда

  1. Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла.
  2. Дика зуда — бахам, вон зуда — бохам.
  3. Дика зуда ирс ду, вон зуда дов ду.
  4. Дикачу зудчун майра т1ехь беркъа хир вац.
  5. Зуда елхочо — бераш делхадо.
  6. Зудчо боьллинчу сардамо — йицйо тоьпан чов.
  7. К1антана зуда ялийна — ненан к1удална т1е к1удал кхетта.
  8. Тхов т1ера чувоьжнарг — лазавой вуьсу, зудчун даг т1ера воьжнарг — т1епаза вов.

Дин

  1. Вуьзначу мута1еламах дала ларвойла.
  2. Гуттар ца лаьтта моллина мовлад.
  3. Массо а стагана там бина дела а вер вац.
  4. Меца волчу моллина бисмилла ца хеза.
  5. Моллас саг1а даьккхича, шайт1ано зурма лекхна.
  6. Моллас, ша лелош дерг ма леладе, леладе бохург леладе аьлла.
  7. Мурдана шайх веза, шайхана — шура еза.
  8. Саьрамсекхан к1олла, хьаьжц1а баьхьча а, ца яйна.
  9. Хила яздинчунна моллин дан х1ума дац.
  10. Цхьа а стаг вац зингатан б1аьргаш, лаьхьан когаш, моллин саг1а гина.
  11. Чоме хьовсий вай аьлла гай даьтт1ачу моллас.
  12. Шена х1ума елча, жен-ж1аьла а кешнашка д1адолла магийна моллас.
  13. Шена х1ума елча, моллас ж1аьлина а даьккхина жайна.
  14. Шина саг1ийна т1аьхьаваьлла молла цхьа а доцуш висна.

Стешхалла, майралла

  1. Аьтто боцчохь юхавалар — стешхалла яц.
  2. Аьхка лаьхьа гинарг — 1ай карсах кхийрина.
  3. Б1аьрг стешха — куьг майра.
  4. Вуьзначул т1аьхьа 1ийнарг стешха лерина.
  5. Г1аз т1аьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна.
  6. Котам а хилла вехачул, н1аьна а хилла, велча тоьла.
  7. Кхеравелча хиндерг, кхера ца велча а хир ду.
  8. Ла мел дийг1и, татанаш сов хеза.
  9. Ойла а ца еш, дош ма ала, аьллачул т1аьхьа, хьайн дашна т1ера а ма вала.
  10. Стаг тоьлла ву алий, хьайн бакъо ма йита.
  11. Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху.
  12. Чохь майралла — арахь стешхалла.
  13. Ша буьйш, дехко а юхку цергаш.
  14. Шен кет1ахь н1аьна а хуьлу майра.

Дикалла, волла

  1.  Бедда боьдучу сена а аьлла.
  2. Б1аьргаш боцчунна нехан б1аьргара к1ай гина.
  3. Дика вахар — нах дика бовзар.
  4. Дика н1аьна — ялкхан т1ехь кхойкху, вон н1аьна — миччахьа а кхойкху.
  5. Дикачу лулахочул дика х1ума а дац, вочул вон х1ума а дац.
  6. Дикачу лулахочуьнан астаг1 йо1 маре яхна.
  7. Доттаг1алла хадо лиъча, нуьйран х1оа бехна.
  8. Къунна ша санна волу къу вевза.
  9. Къуьно бен хестор вац къу-стаг.
  10. Совг1атана беллачу динна бага ма хьежа.
  11. Уггар хазчу стагана а цуьнан ворта еха яра аьлла.
  12. Хьайга далург нахе де ма ала.

Дов, т1ом

  1. Дов даьлча, дов ца деш верг стаг а вац, цул т1аьхьа ца товш верг а стаг вац.
  2. Дов — шар-худар дац.
  3. Зулам лоьхург вонах ца ваьлла.
  4. Т1амо стаг вина вац, т1амо саг вийна.

Яхь

  1. Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна.
  2. Яхь йолчу дагахь — хьаг1 хир яц.

1овдалла

  1. Бацалла лаьллина вир баь1ашка дахна.
  2. Хьо 1овдал вуйла хаийтина-кх ахь, — аьяла цхьаьнге. — Аса-м ца хаийтира, царна шайна хиир-кх, — жоп делла вукхо.
  3. 1овдалниг хье мел вин а 1овдалволу.

Доттаг1алла

  1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь.
  2. Генара доттаг1а — йоьг1на г1ала.
  3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.
  4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
  5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна.
  6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу.
  7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт — керланиг тоьлу.
  8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал.
  9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо.
  10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.

Нохчийн кицанаш — чеченские пословицы и поговорки. Часть 2.

Silent is golden

1

Репутация

26

Подписчиков

637

Статей

127 /  1

Отдал(а) голосов

Добавить комментарий