Дог1а дерзане дирзира. Мархи т1ера лаьтта хьаьдда доьлху т1адамаш дайн а, чекх са гуш а дара. Ткъа стиглахь кхерстара къегаш а, лепаш а йолу з1аьнарш.

Шабарша жимма вуьйхира. Хетарехь жимма а доцуш, х1етахь, хаьштиг къекъачу хенахь хиллачул а ч1ог1а. Ц1аьххьана Буоза Г1амартиго аз хазийра. Дикка тийна хиллехь а, амма капитане х1ора дош къастаделира. Цо элира: «Шабарш, са ма гатде, хьуо капитан хилар – диц ма де. Цхьана меттехь, хи т1ехь, хин кема дисна. Зингатий а дисна, хьан накъосталла а, г1о а хилар сатуьйсуш дегйовхо кхобуш долу. Хьан майралло доллучу х1уман т1ехь толам боккхур бу… Ткъа зераш х1инца а чекх ца девла. Коьртаниг – цхьани х1уманах ца кхерар!.. Со теша хьох, капитан!..» Кхин а Буоза Г1амартиго дийцира, лаьтта, хи т1е юха ваьрза Шабаршина г1о дийра ду х1инца а кхунна ца евзачу бахьаруо (транспорт)… Цул совнаха капитанна х1умма а ца хезара. Кхунна гонахара шорте бес-бесара ц1ерша юьзира. Цхьаццанхьа кхунна евза з1аьнарш тобанашка а гуллой дийнна суйни ц1евнаш кхуьссура.

Шабарша д1асахьежан бен ца ларавора. Цкъацкъа лаам бог1ура цунна я кхечунна з1аьнарийн тобан т1ехь б1аьрса сацо. Хета а лора, уьш басна а тайп-тайпана ю. Тамашийна хелхарш деш гуонаш туьйсуш, суйни ц1евнаш кхуьссучу з1аьнаршна т1е дог1ан т1адамаш т1едетталора.

Самукъане, къамелана т1ера дог1ан т1адамаша, Шабарша ма гиннехь, цхьана озаца цуьнга хеттарш дан дуьйладелира: – Хьо мичара вела? Хьо стенга воьду? Хьо тхоьца вуй? Хьо ца кхоьру?.. Шабарша пистона б1аьрга нег1арш а детташ цу самукънечаьрга дуьхьала х1умма а ала ца ларавора. – Х1и-х1и, х1а-х1а, – шайн самукъа д1акхоьхьура т1адамаша, деригге шайн лаамехь хиларх ирсе а долуш. Уьш мархех а девдера. Малхо а уьш шен з1аьнаршца бесбесара бесаршца а къададо. Шабарша беснаш дагардан волавелира: ц1ен, тайша, можа, баьццара, сийна, туобалкх… Ойла а йора, х1ара хьал дешнашца д1а а муха яздийра дара бохуш. «Х1ан-х1а, хетарехь, шен дахарх лаьцна дийца атта хила мега, – дагдеара капитанна. Амма, х1ета, и дан цуьнан хан яцара. Самукъне а, х1айте а долчу т1адмийнчул башха. Цара шаьшша элира гезахочуьнга: – Хьо гиеза а, лаьтта охьа восса а лууш велахь, тхоьца схьавола!.. Оха бесаран некъ гойтур бу хьуна… Шабаршас реза хиларца корта та1ош ишар йира. Ткъа т1адамаш шен-шен бос болчу тобанашка екъа а елла кхуьна б1аьра хьалхахула уьдура яккхий жатташ а хилла. – Хьо лаьтте вуьгун волу оха х1инца бурам нисбо хьуна. Сихо елахь!.. Т1адамаш цхьаъ вукхулла сиха хьийзара. Хеталора, х1ораммо а шена парг1атен езза меттиг хоржу. Кхин а Шабарше юхахьовса а ларадора. Капитане ала а ларийра: – Гиезахо, оха х1инца ишар (пароль) олу хьуна хьоьга, и ца алахь хьо бурам т1е вуьтур вац. Дагахь латтаелахь: «Ц1азам тоьхна мижаргаш, берийн сибтехь тайнигаш». Эццахь самукънечара Шабаршина 1одика йира. Ткъа вайн капитанин тидам а ца хилира, ша цхьана хазчу тачана волуш – ц1ен, тайша, можа, баьццара, сийна, туобалкх басахь. «Х1ара, схьахетарехь, и бу-кх…» – ойла ян вуьйлира капитан, амма иза сиха юкъах ваьккхира. – Де дика дойла хьан, цавевзарг!.. Хьо мичхьара ву, хьо мила ву? – аз аьхна а, тайна а хийтира капитанна. Цхьана ца бевзачу ницкъо бакъо ца елира кхунна кхин д1а г1улч яккха. – Шуьга а ду маршалла… Бехк ма биллалаш, суна довза а ца девза шу, я ган а ца го. – Цкъа хьалха ишар ала! Шен ирсана, Шабаршас воха ца вухуш дика къаьсташ элира: – Ц1азам тоьхна мижаргаш, берийн сибтехь тайнигаш! – цу т1аьхьа т1е а туьйхира: – ткъа сан ц1е Шабарша ю… – Дика хир ду т1аккха. Схьавола, Шабарш. Сох Стела1ад олу хьуна. Вай девзина аьлла лорур ду вай. Хьайна тов меттиг схьалаца. Д1атарло. Некъ беха бацахь а, аттачех бац. Цундела т1адамаш цхьана юкъарчу эвсаралле вовшахкхетта. Х1ета ишар – и шен х1ора дашца цхьана басца нислуш ду. Ц1азам – ц1ен, тоьхна – тайша, мижаргаш – можа, берийн – баьццара, сибтехь – сийна, тайнигаш – туобалкх. Стела1ад массу басца лепара. Капитанна-м массу аг1ор д1асаветтелуш вог1ура. Я букъ т1е вужура, я когаш т1е охьалахлора. Берана ца гора, стела1одан х1ора бесан т1ера кегийра т1адамаш шен дег1а т1е оьгуш. Ткъа Стела1ад-м хуьлуш мел долчуьна леррана терго еш дара. – Хьо ма кхера, Шабарша, хехкалолахь хьайна ма луъу. Буоза Ц1ечунна а, Тайшачунна а, вукху исбаьхьа беснашна а доттаг1алла леладан а хаьа. Цара цхьаьнга а хьуна вуон болх бойтур а бац. Хьо д1акхачор ву луъуче, ахь ц1е тоьхначу метте… – Стела1одо ц1аьххьана шен беснийн лара саттийра… Шабарша цхьана аг1ор охьа а воьжна, бесара некъа т1ехь шершаш вог1ура. И шершар капитанна-м ч1ог1а тайна а дара. – Т1аккха, – бохура Стела1одас, – тхуна хьо массарна везавелла. Оха хьо д1а а-м хоьцур вац, хьуна кхоъ х1етал-метал хаъалц… Уьш атта а ю. Делахь… – Со ладуг1уш ву, хьоме Стела1ад, – кога ира а х1уттуш, забар йоцуш дог-ойла айелла, элира капитана. – Ворх1 бос болу мангал стигалан г1ортор ю. – Кхета, иза стела1ад ду… – Шабарша мела вела а дера велира. – Кхин д1а а ладуг1у. – Басар дина 1ад хин т1оьхула сеттина… – Иза а стела1одах ду… – Т1аьххьарлера х1етал-метал ду хьуна… Кевнаш айдалар – дуьненна а хазалла… – Дера х1ета, стела1ад дац иза-ъ?! – самукъадаьлла жоп делира Шабаршас. – Тхо даккхийдие хьох, гиезахуо Шабарш, – элира реза хиллачу Стела1одас. – Атта чекх вели хьо хьайна т1едилларца. Со теша, хьо иштта атта кхечу белхашца а ларорг хилар, схьахетарехь, дуккха а халачаьрца. Ткъа х1инца 1одика ян хан т1екхаьчна!.. Аьттуо бойла хьан, Шабарш!..

Бесара з1аьнарш нисса хин т1е лахъелира. Капитан дукха атта шен кемана т1е велира. Хазхетта а, цецдевла а зингатий б1аьргаш ма-ббу хьуьсура шайн тешаме доттаг1чуьна Шабаршина керла, хазачу духаре…

Журнал "Нана"