kinopoisk.ru-Red-Riding-Hood-1486510-w-1600-1024x637.jpgЦхьана заманахь ехаш-Iаш яра цхьа хаза жима йоI. Комаьрша, дика йоI яра иза. Хьанна а, цкъа бен ца гинчунна а, даггара езалора иза. Амма массарначул а дукха езара и йоI цуьнан бабина. Ша хIун дийр дара те йоIана хазахетийта, бохуш, ойланаш еш Iара иза. Цкъа бабас цунна совгIатана цIен бархатан куй беллера. И цIен куй шегахь чIогIа товш болу дела, цхьа а кхиберг тилла ца лаьара йоIана. Цундела наха цунна цIе тиллира – ЦIен Куй берг аьлла. – Хьовсал, ЦIен Куй берг йогIу! – олура цара. Цхьана дийнахь нанас йоIе элира: – Схьайолахь, ЦIен Куй берг, хIара чIепалгаш а, шура а хьайн бабина дIахьохьа. Баба цомгуш хилла. Иза сиха тоялийта, цунна юург яо еза. Сихха кеч а лой, де тIех дохдалале, гIой, йола. Варелахь, сан хьомениг, некъа тIера цхьанна а агIор дIа ца йолуш, нийсса дIагIолахь. Хьо дIакхаьчча, бабин де дика дан йиц а ма лолахь. – Нана, дерриг а, ахь ма-хьеххара, дийр ду ас, – элира ЦIен Куй болчо. Баба хьуьнхал дехьа ехаш яра. Эха сохьтехь балл некъ бара цига дIакхача. ЦIен Куй берг хьун чу юллушехь, цунна дуьхьалкхийтира борз. Ткъа йоIана ца хаьара, борз мел буьрса, дера акхаро ю. Цундела иза цунах жимма а кхера ца елира. Барзо бетах мотт хьоькхура, иза яа дагахь, амма гергахь хезаш дара деттачу дагарийн татанаш. Цундела борз йоI яа ца яьхьара. Бетах мотт а хьаькхна, ойла йира барзо: «Iехор ю аса хIара», – аьлла. ТIаккха цо йоIе элира: – Де дика хуьлда хьан, ЦIен Куй берг! – Диканца ехийла хьо а, борз! – Иштта хьалххе стенга йоьду хьо, ЦIен Куй берг? – Баба йолчу. – Ткъа хьан тускар чохь хIун ю? – ЧIепалгаш а, шура а ю. Сан баба цомгуш ю, ткъа со цунна яа хIума эцна йоьду. – Мичахь Iаш ю хьан баба? – Пхийтта минотехь балл некъ бу цига. Хьунна дехьаваьлча, ножана юккъехь лаьтташ ду цуьнан цIа, ткъа цунна лахахь бIарийн беш а ю. Ткъа борз, ла а дугIуш, ойла еш яра: «Мел тайна а, къона а ю хIара йоI. ХIара бабел мерза хир ю. ХIилла дан деза ас, баба а, йоI а, – ший а яархьама». Барзо, ЦIен Куй болчунна юххе а гIерташ, бохура: – Хьажахь, ЦIен Куй берг, ма хаза зезагаш ду гонах, ткъа хьо цаьрга хьожуш а яц. Ца хеза хьуна олхазарша лоькху исбаьхьа эшарш? Хьо-м чIогIа сихъелла йоьду, хьо ишколе тIаьхьаюьсуш йолуш санна. Ткъа хIокху хьуьнхахь мел самукъне ду! ЦIен Куй берг гонах дIасахьаьжира. Дитташна юккъехула хелхаюьйлуш маьлхан зIаьнарш а, дукха исбаьхьа зезагаш а гича, иза ойлане елира: «Нагахь санна ас бабина хIара хаза хьожа йогIу зезагаш деача, цунна хазахетар ду. ХIинца а хьалххе ду, со кхуьур ю цига дIакхача». Зезагаш дохуш, некъа тIера дIа а яьлла, юькъа хьун йолчу агIор дIаяхара иза. Цхьа зезаг даьккхича, важа кхин а чIогIа хазлой, цунна тIаьхьа йоьдуш, сих а ца луш, йогIура иза. Иштта кхин а генна хьун юккъе дIаяхара ЦIен Куй берг. Ткъа барзо, боцачу некъахула едда бабин цIенна тIе а еана, неI туьйхира. – Мила ву цигахь? – хаьттира бабас. – Со ю, ЦIен Куй берг. Ас хьуна чIепалгаш а, шура а еана. ДIаеллахь неI! – элира барзо. – НеIаран тIам хьовзабе, иза дIаеллалур ю хьуна, – аьлла, мохь туьйхира бабас. Барзо тIам хьовзийча, неI дIаеллаелира. Кхин цхьа а дош а ца олуш, маьнгина тIе а едда, баба дийнна гай чу яхийтира барзо. ТIаккха цо, бабин коч тIе а юьйхина, цуьнан юьжуш туьллу куй шен коьрта тIе а озийна, цуьнан метта дIа а йижна, маьнгина дуьхьал уллу киса дIаозийра. Ткъа ЦIен Куй берг цу хенахь, хьуьнхахь зезагаш а дохуш, сих а ца луш, схьайогIуш яра. Кхин дахьалур доцуш дукха зезагаш ша даьхча, шен баба дага а еана, цуьнан цIа долчу дIаедира йоI. Схьайиллина неI гича, ЦIен Куй берг чIогIа цецъелира. ЦIа чу яьлча, чохь цхьа тамашийна, кхин тайпана хийтира цунна. «Ватта, сан Дела! – ойла йира йоIа. – Баба йолчахь чIогIа хазахеташ хуьлуш йолу со, кхузахь тахана ма кхоьру!» – Iуьйре дика хуьлда хьан, баба! – аьлла, мохь туьйхира ЦIен Куй болчо. – Мила ву цигахь? – хаьттира барзо. Ткъа цуьнан аз стомма а, йиш хаьлла а дара. ЦIен Куй берг цкъа кхераелира, цул тIаьхьа ойла йира цо: «Баба шел а елла, йиш хаьлла ю, цундела цуьнан аз а иштта ду». – Со ю, ЦIен Куй берг, – жоп делира йоIа. – Ас хьуна чIепалгаш а, шура а еана. – ЧIепалгаш стоьла тIе охьадахка, шура терхи тIе хIоттае, ткъа хьо суна улло схьайола, – элира барзо. ЦIен Куй болчо, маьнгина тIе а еана, бабас ша дIаюьжуш дуьхьал уллуш болу басма дIахилийра. Маьнги тIехь йижина Iуьллуш яра баба, юьжуш туьллу куй юьхь тIе а озийна. Цуьнга хьаьжча, чIогIа тамашийна хетара иза. – Ватта, баба, хьан лергаш иштта даккхий хIунда ду? – аьлла, цецъелира йоI. – Хьо дика хазархьама ду! – Ватта, баба, хьан бIаьргаш иштта баккхий хIунда бу? – Хьо дика гархьама бу-кх! – Ватта, баба, хьан куьйгаш иштта даккхий хIунда ду? – Хьо чIогIа марайоллархьама ду-кх! – Ватта, баба, хьан бага йоккха а, ирча а хIунда ю? – Хьо яархьама ю! Иза оллушехь, маьнги тIера хьала а иккхина, барзо гай чу яхийтира декъаза ЦIен Куй берг.

[AdSense-A]

Юза а юьзна, юха а маьнги тIе а яьлла, чIогIа «хар-хир» а деш, наб кхийтира барзана. Цу хенахь цIенна тIехволуш вара таллархо. «Йоккха стаг ма чIогIа «хар-хир» деш ю! – аьлла, хийтира цунна. – ЦIа чу а вахана, иза хIун деш ю хьажа веза со». ЦIа чу а ваьлла, маьнгина тIе а вахана, хьаьжча, цунна гира наб кхетта Iуьллу борз. – Хьажахь, хIинца-м караеара хьо суна, къанъелла зуламхо! Ма дукха хан ю ас хьо лоьху! – меллаша элира таллархочо. Топ тIехьажийна воллучу кхунна даг чу тесира, барзо йоккха стаг йиънехь, иза хIинца кIелхьара яккхаяла там бара аьлла. Топ ца тухуш, тукар схьа а эцна, наб кхеттачу берзан гай меллаша хадо волавелира иза. КIеззиг тукарца гай хада ма диннехь, цIен куй гучубелира. Кхин а хадийча, берзан гай чуьра йоI араиккхира. – Оввай, мел кхераме дара цу чохь! Ма Iаьржа а яра берзан гай чохь. Цул тIаьхьа баба а араелира цу чуьра. Цо халла са доьIура. ЦIен Куй болчо сихха даккхий тIулгаш деара. ТIаккха цара и тIулгаш берзан гай чу доьхкира. Самаяьлча, борз дIаяда гIоьртира, амма гай чуьра тIулгаш деза хиларна, иза ша йолччохь охьаюьйжира. Эццахь иза яла а елира. Массарна а и хIума чIогIа хазахийтира. Таллархочо берзана тIера цIока схьа а яьккхина, шен цIа дIаяьхьира. ЙоIа деана долу чIепалгаш а диъна, шура а мелла, баба тоелира.

Перевод: Тамара Чагаева Скачать можно здесь: Вайнахская библиотека - Красная шапочка