Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #402

Хууш ма-хиллара, Ростовн областехь болчу Донбассерчу мухӀажаршна гуманитарин гӀо-орца хьажийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо а, "Единая Россия" партин Нохчийн отделенис а. Цул сов, Нохчийн пачхьалкхан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн а, Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин а университеташкахь схьайиллина штабаш а йу. Цигахь вовшахтухуш ду Донбассерчу мухӀажарийн берашна лерина гуманитарин гӀо-орца. "Единая Россия" партехь тахана дӀайаьхьначу видеоселекторан кхеташонехь дийцаре дина и гӀуллакх. Циггахь билгалдаьлла Ростовн областехь болчу Донбассерчу мухӀажаршна сихонца гуманитарин гӀо-орца хьажийначу субъекташлахь Нохчийн Республика а хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #21022022 #СВОИХНЕБРОСАЕМ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ #МЫВМЕСТЕ

Показать оригинал