Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #425

"Группа ГАЗ" компанин электромобилашна оьшуш болу гӀирсаш Нохчийчохь бан тарло. И гӀуллакх дийцаре дина НР-н промышленностан а, энергетикин а министран А.Хакимовн а, "Вайн-ЛИА"-н а векалийн хиллачу цхьаьнакхетарехь. "Вайн-ЛИА" заводехь аккумуляторш а, аккумуляторийн батарейш а йора хӀинццалц. Уьш йаран гӀирсаш Чинера схьакхоьхьуш хиларе терра, пандемин муьрехь галдаьллера заводан гӀуллакх. Карарчу хенахь цуьнан болх дӀаболорна тӀехь жигара къахьоьгуш бу говзанчаш. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал