Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #435

Москвахь цхьаьнакхетар хилла Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Россин Къоман гвардин директоран Золотов Викторан а. Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана хаийтина цигахь дийцаре дина гӀуллакхаш Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин балхаца доьзна хилар. Нохчийн Урхаллин дакъош а, бӀаьхой а лаккхарчу тӀегӀанехь кечамаш бина хиларна тӀе тидам бахийтинчу республикин Куьйгалхочо, гуттар а гӀо-накъосталла дарна аьлла, баркалла а аьлла Золотов Викторна. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал