Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #451

Тахана Соьлжа-ГӀалахь дӀадаьхьна Нохчийчуьра бакъонаш ларйаран органаш шайн белхан декхарш кхочушдан кийча хилар таллар. 12 эзар сов бӀаьхо а, бӀеннашкахь леррина техника а йара цигахь дакъалоцуш. Цаьрга, кост-кхайкхам а беш, вистхиллачу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира нохчийн бӀаьхоша мехкан Президентан муьлхха а омра кхочушдийриг хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал