Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #470

Хьаннашкахь йийла тарлучу цӀерашца карарчу шарахь къийсам латторан план тӀеэцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу хьокъехь хаам бина Ӏаламан тӀаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствос. Планаца а догӀуш, хьаннашкахь цӀераш йийларца къийсам латтош 1 762 стаг а, 613 техника а хир йу 2022-чу шарахь. И болх Ӏаламан тӀаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствос Россин МЧС-н НР-ла йолчу Коьртачу урхаллица а, НР-н чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствоца а дӀахьур бу. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал