Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #559

Республикин бюджет кхочушйар а, нехаш дӀасалистаран комплексаш йаран а гӀуллакхаш дийцаре дина Россин финансийн министран А.Силуановн а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Р.Кадыровн а хиллачу цхьаьнакхетарехь. Циггахь кхин а гӀуллакхаш дийцаре дар а хоуьйту Кадыров Рамзана, шайн могӀарехь лерринчу проекташна финансировани йар хилла хилар тӀе а тухуш. Экономика кхиоран а, инвестицеш йукъайалоран а декъехь Нохчийчоьнан Ӏедало бечу белхан лаккхара мах хадийна А.Силуановс, шегара гӀо-накъосталла хирг хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал