Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #568

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цхьаьнакхетар хилла Россин Президентан Администрацин куьйгалхочун 1-чу заместительца Кириенко Сергейца. Цигахь дийцаре дина чоьхьарчу политикин гӀуллакхаш а, Россин Президентан тӀедахкарш кхочушдар а. Цул сов, федерацин Ӏедалера гӀо-накъосталла оьшуш долу гӀуллакхаш а айъина оцу цхьаьнакхетарехь. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал