Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #577

Селхана, вай билгалдаьккхина ма-хиллара, Москвахь цхьаьнакхетар хилла Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Россин вице-премьеран Новак Александран а. Цигахь йийцаре йина федерацин а, республикин а Ӏедалша кхидӀа а цхьаьна болх баран агӀонаш, къаьсттина тидам тӀебахийта безаш долу дакъош билгал а даьхна. Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана хаийтира республикин промышленность кхиорна новкъарло йеш долу гӀуллакхаш Новак Александран гӀоьнца кхочушдина хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал