Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #606

Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкара мухӀажарш тӀелаца аьтто хиларал сов, церан бераш ишколашка дӀатардан аьтто а бу Нохчийчохь. Оцу хьокъехь хаам бина НР-н Премьер-министра Хучиев Муслима. Цо билгалдаьккхина мухӀажарш 3 муниципалитетехь къастийначу 4 туьшахь дӀатарбийриг хилар. Цул сов, могашалла Ӏалашйаран министерствос царна ПЦР-тесташ а, COVID-19-на дуьхьал вакцинаци а йийриг хилар а тӀетоьхна Премьер-министра. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #21022022 #ВРЕМЯПОМОГАТЬ #СВОИХНЕБРОСАЕМ

Показать оригинал