Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #609

Республикерчу кегийрхоша дакъалаьцна #МыРезерв аьллачу боламехь. Оцу хьокъехь хаам бина НР-н кегийрхойн гӀуллакхийн министра Ибрагимов Ӏийсас. "Нохчийн Республикерчу кегийрхоша а дакъалоцу #МыРезерв флешмобехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа а тӀехь а долуш, вайн мехкан гӀароле дӀахӀитта тхаьш кийча хилар дуьненна а дӀакхайкхадо оха", - йаздина министра. Билгалдоккху и болам дӀакхайкхийнарг НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #21022022 #МЫВМЕСТЕ #СВОИХНЕБРОСАЕМ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ

Показать оригинал