Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #627

"Украинин Ӏедало шайн бахархошна нийса хаамаш а ца бовзуьйту, байъинчеран хьокъехь фейкаш а йаржайо. Цхьа а бахьана а, бакъо а йоцуш нах байъина а, ши республика йаха ца йуьтуш а лелла болу бандеровцаш а, нацисташ а, террористаш а хӀаллакбар - и йу Коьртачу буьйранчаш хӀоттийна Ӏалашо. Суна украинхой а беза, со цигахь хилла а ву - делахь а, украинхойн халкъан мостагIий-м ца беза суна", - билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министраца Дудаев Ахьмадаца шен хиллачу дуьххьалдӀачу эфирехь. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #МЫВМЕСТЕ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ

Показать оригинал