Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #633

Россица кхетаме политика дӀайахьарна а, Россина гӀо-накъосталла дарна а баркалла аьлла Кадыров Рамзана шайх Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайанна (Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ) а, Эрдоган ТӀаипна (Хонкара) а. "Россица кхетаме политика дӀайахьарна баркалла боху ас шина пачхьалкхан куьйгаллина. Тхуна, Россин Федерацерчу бусалбанашна, бусалбанийн шина мехкан куьйгалло иштта майра а, нийса а гӀулч йаккхар дийнна махкана хьалха а йуьхькӀам бу. ОХА ДИЦДИЙР ДАЦ ИЗА!!!", - йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь. Билгалдоккху лакхахь хьахийначу шина пачхьалкхо Россина дуьхьал санкцеш шаьш кхайкхор йац аьлла, дӀахьедар дина хилар. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК

Показать оригинал