Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #645

Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенехь доккха сагӀа даьккхина тахана. Бакъонаш ларйаран органийн а, Пенсионни фондан а белхахошлахь дӀасадекъна иза. Билгалдаккха догӀу и сагӀа Украинехь дӀахьочу лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой дага а лоцуш даьккхина хилар. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цӀарахчу маьждиган имама Неттиев Хож-Ахьмада а, кхиболчу Ӏеламнаха а, нохчийн бӀаьхой зен-зуламах ларбар доьхуш, доӀа а дира. #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #ЧЕЧЕНСКИЙЯЗЫК #МЫВМЕСТЕ #21022022

Показать оригинал