Газета Даймохк • daymohk_gazet • запись #727

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо 20 тонна сурсаташца гӀо-накъосталла дина Мелитополан (Украина) бахархошна. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца и гӀуллакх вовшахтохар дӀадаьхьна ГӀирмехь йолчу цуьнан векалаллин белхахоша. Цара билгалдаьккхина и тайпа гӀоьналлин болх кхин а 2 йуьртахь а, берийн бешахь а, килсехь а дӀабаьхьна хилар. Сурсаташца гӀо-накъосталла дина ца Ӏаш, бахархошна молханаш а дӀакхачийна цигарчу бахархошна. Цул сов, Даймахка йухаберза луучу Нохчийчоьнан бахархошна гӀо-накъосталла деш а бу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун ГӀирмехь йолчу векалаллин белхахой. Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана. • видео: t.me/RKadyrov_95 #ДАЙМОХК #ДАЙМОХКГАЗЕТ #НОХЧИЙЧОЬ #НОХЧИЙНМОТТ #МЫВМЕСТЕ #СВОИХНЕБРОСАЕМ #ВРЕМЯПОМОГАТЬ #РОФ

Показать оригинал